Sign in
Sign in
Sign in
Select Language
058

Al-Mujadila 58:13 ااشفقتم ان تقدموا بين يدي نجواكم صدقات فاذ لم تفعلوا وتاب الله عليكم فاقيموا الصلاة واتوا الزكاة واطيعوا الله ورسوله والله خبير بما تعملون ١٣

58:13
ءَأَشۡفَقۡتُمۡ
أَن
تُقَدِّمُواْ
بَيۡنَ
يَدَيۡ
نَجۡوَىٰكُمۡ
صَدَقَٰتٖۚ
فَإِذۡ
لَمۡ
تَفۡعَلُواْ
وَتَابَ
ٱللَّهُ
عَلَيۡكُمۡ
فَأَقِيمُواْ
ٱلصَّلَوٰةَ
وَءَاتُواْ
ٱلزَّكَوٰةَ
وَأَطِيعُواْ
ٱللَّهَ
وَرَسُولَهُۥۚ
وَٱللَّهُ
خَبِيرُۢ
بِمَا
تَعۡمَلُونَ
١٣
Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ − Дала шуна гечдина (шуна тIера дIадаьккхи и омра) − ламаз хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагIа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг.
Continue Reading

Read Tafsir

Ibn Kathir (Abridged)

The Order to give Charity before One speaks to the Prophet in private

Allah commanded His believing servants, when any of them wanted to speak with Allah's Messenger ﷺ in secret, to give away charity beforehand so that his charity cleanses and purifies him and makes him worthy of having a private cou

…

The Order to give Charity before One speaks to the Prophet in private

Allah commanded His believing servants, when any of them wanted to speak with All

…
More Tafsirs

Read in Context

Chapter 58, Page 544, Juz 28

5. Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбовлуш берш сийсазбийр болуш бу‚ царал хьалха хилларш сийсазбарх терра. Оха доссийна билгала долу аяташ. Цатешачарна сийсаза долу Iазап ма ду. 6. Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриг /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тидам бина цунах‚ цара дицдина. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ву-кх. 7. Хьуна ца го: и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнан къайлахь хабар хир ма дац воьалгIаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а − йолхалгIаниг Иза волуш бен. Цул /кIеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца волуш бен, уьш миччахьа а хилчи. ТIаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ма ву. 8. Хьуна ца го и къайлаха хабар дийцар шайна ца магийнахилларш? ТIаккха юха а тIебоьрзуш шайна ца магийна хиллачунна‚ вовшашка къайлаха хабарш дуьйцуш къа дарций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Хьо волчу шаьш баьхкича, хьоьга салам ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: "ХIунда Iазап ца до вайна Дала вай бохучуьнца?" Кхачо ю царна жоьжахати − бōгур бу уьш цу чохь. Ма вōн дIавоьрзу меттиг ю-кх иза! 9. ХIай ийман диллнарш! Шаьш къайлаха хабар дийцахь‚ ма дийца иза къаций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Аш дийца къайлаха хабар диканций‚ /Делах/ кхерарций. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе дIагулдийр долчу. 10. Баккъалла а, къайлаха хабар дийцар шайтIанера ду ийман диллнарш пошме хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тIе тевжийла муъмин нах! 11. ХIай ийман диллинарш! Шайга аьлча: "Меттиг хилийта /дIасахилий/ мажлисехь‚ меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. "ХьалагIовта!" аьлча, хьалагIовта. Дала лакхабоху шух ийман диллинарш а‚ шайна Iилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву. 12. ХIай ийман диллинарш! Аш къайлаха хабар дийцинехь элчанна хьалхахь, цу шайн къайлаха хабарна хьалхадаккхалаш сагIа. Иза шуна дика а ду‚ вунō цIена а ду. И /сагIа/ шуна ца карадахь − тIаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву. 13. Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ − Дала шуна гечдина (шуна тIера дIадаьккхи и омра) − ламаз хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагIа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг.

- Magomed Magomedov

Notes and Reflections

You do not have any notes or reflections on this verse.

Notes placeholders

Stay Connected to the Quran ❤️

Short meaningful reminders to reset, reflect and stay connected to the Quran.

Read, Listen, Search, and Reflect on the Quran

Quran.com is a trusted platform used by millions worldwide to read, search, listen to, and reflect on the Quran in multiple languages. It provides translations, tafsir, recitations, word-by-word translation, and tools for deeper study, making the Quran accessible to everyone.

As a Sadaqah Jariyah, Quran.com is dedicated to helping people connect deeply with the Quran. Supported by Quran.Foundation, a 501(c)(3) non-profit organization, Quran.com continues to grow as a free and valuable resource for all, Alhamdulillah.

Navigate
Home
Quran Radio
Reciters
About Us
Developers
Product Updates
Feedback
Help
Donate
Our Projects
Quran.com
Quran For Android
Quran iOS
QuranReflect.com
Quran.AI
Sunnah.com
Nuqayah.com
Legacy.Quran.com
Corpus.Quran.com
Non-profit projects owned, managed, or sponsored by Quran.Foundation
Popular Links
Duas from the Quran
Quran Verse of the Day
Ayatul Kursi
Yaseen
Al Mulk
Ar-Rahman
Al Waqi'ah
Al Kahf
Al Muzzammil
SitemapPrivacyTerms and Conditions
© 2026 Quran.com. All Rights Reserved
Contribute