Sign in
Sign in
Sign in
Select Language
011

Hud 11:28 قال يا قوم ارايتم ان كنت على بينة من ربي واتاني رحمة من عنده فعميت عليكم انلزمكموها وانتم لها كارهون ٢٨

11:28
قَالَ
يَٰقَوۡمِ
أَرَءَيۡتُمۡ
إِن
كُنتُ
عَلَىٰ
بَيِّنَةٖ
مِّن
رَّبِّي
وَءَاتَىٰنِي
رَحۡمَةٗ
مِّنۡ
عِندِهِۦ
فَعُمِّيَتۡ
عَلَيۡكُمۡ
أَنُلۡزِمُكُمُوهَا
وَأَنتُمۡ
لَهَا
كَٰرِهُونَ
٢٨
Цо (Нухьас) элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна со хилча сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза,1шуна ца луушехь? (Тхуна могур дац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта).
Continue Reading

Read Tafsir

Ibn Kathir (Abridged)

The Response of Nuh

Allah says, informing about the response of Nuh to his people,

أَرَأَيْتُمْ إِن كُنتُ عَلَى بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّى

(Tell me, if I have a clear proof from my Lord,) Bayyinah means certainty, a clear matter, and truthful prophethood. That is the greatest mercy from Allah upon him (Nu

…

The Response of Nuh

Allah says, informing about the response of Nuh to his people,

أَرَأَيْتُمْ إِن كُنتُ عَلَى بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّى

(Tell me, if I ha

…
More Tafsirs

Read in Context

Chapter 11, Page 224, Juz 12

25. Оха Нухь вахийтира цуьнан къомана тIе: "Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча ву‚ аьлла. 26. Далла бен аш Iибадат цадархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу дийнан Iазапах"‚−аьлла. 27. Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: "Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам бен‚ тхуна ца го хьуна тIаьхьахIиттинарш, юьхьанца хьажарца‚ тхан уггар бухахь берш бен‚ тхуна ца го шун тхуна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте а, тхуна моттало шу харцлуьйш дерш". 28. Цо (Нухьас) элира: "ХIай сан къам‚ гой шуна со хилча сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо Шегара къинхетам а белча суна‚ ткъа шу цуьнца бIаьрзе хилча, оха шуна тIедуьллур ду иза,шуна ца луушехь? (Тхуна могур дац шуьга нуьцкъах дин тIелацийта). 29. ХIай сан къам! Ас шуьга цунна тIехь бāхам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен яц‚ со вац лелхорболуш иман диллинарш. Баккъалла а, уьш дуьхьалкхетар болуш бу шайн Кхиош-кхобучунна‚ делахь а, суна шу го ца кхеташ къам. 30. ХIай сан къам! Хьан гIо дийр ду суна Далла дуьхьал ас уьш лелхийча? Аш ойла ца йо? 31. Ас шуьга ца боху: "Сан гергахь Делан хазнаш ю"‚ хьуламехь дерг а ца хаьа суна‚ ас ца боху: "Со малик ду"‚ ас ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешаш болчарах: "Дала диканиг лур дац царна". Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича, со хир вара, баккъалла а, зуламхойх". 32. Цара элира: "ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахь‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахь‚ даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь". 33. Цо элира: "И шуна доуьйтур ду Дала, Шена лаахь‚ шуна ницкъ кхочур бац /и Iазап духатоха/. 34. Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш хиллехь шу тилдала дита. И ву шун Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а ду". 35. Я цара олу: "И цо ша кхоьллина". Ахьа āла: "Нагахь и айса кхоьллинехь – суна тIехь ду-кх сан къинош‚ со цIена ву-кх аш дечу къинойх".

- Magomed Magomedov

Notes and Reflections

You do not have any notes or reflections on this verse.

Notes placeholders

Stay Connected to the Quran ❤️

Short meaningful reminders to reset, reflect and stay connected to the Quran.

Read, Listen, Search, and Reflect on the Quran

Quran.com is a trusted platform used by millions worldwide to read, search, listen to, and reflect on the Quran in multiple languages. It provides translations, tafsir, recitations, word-by-word translation, and tools for deeper study, making the Quran accessible to everyone.

As a Sadaqah Jariyah, Quran.com is dedicated to helping people connect deeply with the Quran. Supported by Quran.Foundation, a 501(c)(3) non-profit organization, Quran.com continues to grow as a free and valuable resource for all, Alhamdulillah.

Navigate
Home
Quran Radio
Reciters
About Us
Developers
Product Updates
Feedback
Help
Donate
Our Projects
Quran.com
Quran For Android
Quran iOS
QuranReflect.com
Quran.AI
Sunnah.com
Nuqayah.com
Legacy.Quran.com
Corpus.Quran.com
Non-profit projects owned, managed, or sponsored by Quran.Foundation
Popular Links
Duas from the Quran
Quran Verse of the Day
Ayatul Kursi
Yaseen
Al Mulk
Ar-Rahman
Al Waqi'ah
Al Kahf
Al Muzzammil
SitemapPrivacyTerms and Conditions
© 2026 Quran.com. All Rights Reserved
Contribute